Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Юаш вийна волу хьаькамаш бара: ШимІатан кІант Юзабди а, Шумаран кІант ЯхІу-Забди а. Юаш велира. Иза а дІавоьллира шен дай дІабоьхкинчу Даудан гІалахь. Юашан метта, паччахь а хилла, дІахІоьттира цуьнан кІант Амци-ЯхІу. Исраилхойн паччахьо ЯрбаІама паччахьалла до ткъе ворхІалгІа шо долуш, яхІудхойн паччахь хилира Амци-ЯхІун кІант Іузи-ЯхІу. ТІаккха Іузи-ЯхІу, дІа а кхелхина, шен дайх дІакхийтира. Царна уллохь иза Даудан гІалахь дІавоьллира. Іузи-ЯхІун метта паччахь дІахІоьттира цуьнан кІант Йовтам. Іузи-ЯхІу – Йовтаман да, Йовтам – Ахьазан да, Ахьаз – Хьузакх-ЯхІун да,
Выбор основного перевода