Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Оцу нехан куьйгалхой бара: Зурбабел, ЮшаІ, Нахьми-ЯхІу, Сари-ЯхІу, РаІал-ЯхІу, Мардахай, Билшан, Миспар, БигІвай, Рахьим, БаІна. ХІорш ю юхабаьхкинчу исраилхойн цІераш: ТІаккха Шалтаалан кІант волу Зурбабел а, ЮцІдукъан кІант волу ЮшаІ а юха а Ярушалаймехь долчу Делан цІен тІехь болх бан волавелира. Царна накъосталла деш Делан пайхамарш а бара. Дари-Ваша-паччахьо паччахьалла динчу шолгІачу шеран, йолхалгІачу беттан, хьалхарчу дийнахь Хьагай-пайхамарехула Везачу Элан хаам кхечира. И хаам ЯхІуд-мехкан мехкада волчу Шалтаалан кІанте Зурбабелна а, коьрта динан да волчу ЯхІу-ЦІадакъан кІанте ЮшаІана а лерина бара. Соьга жоп а луш, цо элира: «Иза Везачу Элан дош ду, Зурбабеле аьлла долу. Цу дашо боху: „Эскарца а, ницкъаца а доцуш, ткъа Сан Синца, – боху массо а ницкъийн Везачу Дала. – Бавел-махкара цІа баьхкинчу хенахь Яхун-ЯхІу Шалтаалан да хилла, Шалтаал Зурбабелан да хилла, Йовди Йохьанан, Йохьан Решан, Реша Зурбабелан, Зурбабел Шалтаалан, Шалтаал Неран,
Выбор основного перевода