Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха Юши-ЯхІун ялхоша цуьнан дакъа, Ярушалайм-гІала а деана, шен къубба чохь дІадоьллира. ЯхІуд-мехкан халкъо Юши-ЯхІун кІант ЯхІу-Ахьаз, къобал а вина, шен ден метта паччахь вина дІахІоттийра. ТІаккха Наху-пирІуно Юши-ЯхІу-паччахьан Элъякъим цІе йолу кхин кІант хІоттийра, шен ден метта паччахь вина. Наху-пирІуно Элъякъиман цІе хийцира, цунах ЯхІу-Якхам аьлла. Ткъа ЯхІу-Ахьаз пирІуно Мисар-махка дІавигира, иза цигахь дІа а кхелхира. Бавел-мехкан паччахьо Ярушалайм-гІалахь керла паччахь дІахІоттийра. Иза вара ЯхІу-Яхинан ден ваша волу Матан-ЯхІу. Матан-ЯхІун цІе а хийцина, ЦІадукъ-ЯхІу аьлла, цІе тиллира цунна Бавел-мехкан паччахьо. Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах Шалумах (шен да волчу Юши-ЯхІул тІаьхьа паччахь а хилла иза, кху меттера йийсаре дІавигна а ву) лаьцна иштта боху: «Иза цкъа а кху метте юхавоьрзур вац.
Выбор основного перевода