Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цу наха хазни чу шайга далуш долу совгІаташ дира. Цара кхузткъе цхьа эзар хиллал долу дарик олу деши ахча а, пхи эзар мин дети ахча а, цхьа бІе динан дайша лелош йолу бедарш а елира. Цхьаболчу доьзалийн дайша цу балхана лерина совгІаташ делира. ЯхІудан мехкадас хазни чу цхьа эзар дешин дарик-ахча а, шовзткъе итт беза кад а, пхи бІе ткъе итт динан дайша тІеюхуш йолу бедарш а елира. Кхиболчу доьзалийн дайша хазни чу балхана лерина ткъа эзар дарик-ахчанан барамехь долу деши а, ши эзар ши бІе мин дети а делира. Бисинчара кхин а ткъа эзар дарик-ахча а, ши эзар мин дети а, кхузткъе ворхІ динан дайша тІеюхуш йолу бедарш а елира.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода