Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Паччахьо элира цаьрга: «Шайца сан уллоранаш а эций, сан кІант Сулим, сан бІарзанна тІе а хаавай, Гихьон-шовданна йисте дІавига. И хІума шаьш дина девллачул тІаьхьа юха схьавалаве иза. ТІаккха Сулим, схьа а веана, сан, паччахьан, метте охьахуур ву. Цо сан метта паччахьалла дийр ду. Исраилан халкъана а, ЯхІудан халкъана а тІехь баьчча хила аьлла, весет дина аса цуьнга». Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» ТІаккха шен ден Дауд-паччахьан метта Сулим паччахь хилла охьахиира. Цуьнан паччахьалла дика чІагІделла лаьттира. Цул тІаьхьа ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦІадукъа Абу-ЯтІарин метта динан коьрта да хІоттийра цо. ЯхІуд-махкахь а, Исраил-махкахь а, хІордан йистера гІум санна, алсамдаьлла дебнера халкъ. И адамаш юуш, молуш, самукъадолуш дара. Везачу Эло дуккха а кІентий белла суна. Оцу сан массо а кІенташна юкъара Везачу Эло сан кІант Сулим хаьржина паччахьан метте охьахао Везачу Эло Исраил-махкана тІехь дечу паччахьаллехь. Декъала хуьлда хьан Веза Дела, хьуна реза а хилла, хьо Шен паччахьан гІанта тІе, Шен цІарах паччахьалла дайтархьама, охьахаийна волу! Исраилан халкъе Шен болчу безамна а, и халкъ гуттаренна а чІагІдархьама а, Везачу Эло хьо паччахь хІоттийна, цу халкъана тІехь хьоьга кхел яйтархьама а, нийсо лелаяйтархьама а».
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода