Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ХІинца аса, Набухди-Нецара, ваз а во, лакха а воккху стигалшкара Паччахь, сий а до Цуьнан. Массо а Цо деш долу хІума нийса ду, ткъа дерриге а Цуьнан некъаш бакъ ду. Дагца куралла ерш охьатаІо Иза ницкъ болуш а ву». Хьарам лаамна кІел а ма дахийтахьара Ахьа тхо, иблисах а лардахьара. Хастам а, сийлалла а хуьлда массо а заманашкахь хир волчу а, цкъа а лийр воцу паччахь волчу а, гуш воцучу а, цхьаъ бен воцучу а Далла. Амин. Цара, аз чІагІ а деш, олура: «Бийна болу Іахар хьакъ долуш бу нуьцкъалалла а, хьал а, хьекъалалла а, чІагІо а, ларам а, сийлалла а, хастам а дІаэца». Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хІорда тІехь а Дала кхоьллинчу хІора хІумано а – царна чохь долчу массо хІумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тІейогІучу заманна хуьлийла Іаршана тІехь хиъна Волчун а, Іахаран а».
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода