Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа хІинца, сан Веза Дела, Хьайн лай волу со дІахІоттийна Ахьа, паччахь а вина, сан ден Даудан метта. Амма со хІинца а бер санна ву. Сан хІинца а хьекъал ца кхочу, айса дан дезарг кхочушдан. Дауда элира: «Сан кІант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цІа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чІогІа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дІакхалхале дукха хІума кечдина хилла Дауда. Ткъа сан кІантана Сулимна а лохьа Ахьа цІена дог, Хьан весеташ кхочушдан а, Айхьа дІадоьллун дерг а, Хьан хьехамаш а, уьш дерриге а кхочушдан а, ас кечбинчу гІирсах ян еза гІишло ян а».
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода