Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Доьзалийн баьччанаш а, тІеман коьрта хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а, церан ялхой а чубогІучу исраилхойн тобанийн куьйгалхойн цІераш иштта яра. Шеран хІора баттахь эскаран цхьацца тобано паччахьна гІуллакх дора, цуьнца доьзна долу массо а тайпа хІуманаш кхочуш а деш. ХІора тобанна чувогІура ткъе виъ эзар стаг. Паччахьан чІоьнан цІеношна тІехь а урхалла дора Іадиалан кІанта Іазмавата. Ткъа кхашна тІехь а, гІаланашкахь а, ярташкахь а, бІаьвнашкахь а тІаьхьалонна дІадиллинчу сурсаташна тІехь а урхалла дора Іузи-ЯхІун кІанта ЯхІунатас. Латта лелош болчу аренийн белхалошна тІехь урхалла дора Халубан кІанта Іезрайс. Кемсийн бошмашна тІехь урхалла дора Рама-гІаларчу ШамаІис. ЧагІаран чІоьнашкахь дІадехкинчу сурсаташна тІехь урхалла дора шипамхочо Завадис. Малхбузехь долчу лаьмнийн когашкахь долчу зайт-дитташна а, комарийн дитташна а тІехь урхалла дора гадирахо волчу БаІал-Хьанана. ТІаьхьалонна дІадиллина зайт-даьттан сурсатна тІехь урхалла дора ЮІаша. Шарон-махкахь дажош долчу хьайбанашна тІехь урхалла дора шаронхо волчу Шитрайс. ТогІешна чохь дажош долчу хьайбанашна тІехь урхалла дора Іадлайн кІанта Шаптис. Эмкалшна тІехь урхалла дора исмаьІалхо волчу Овбила. Варрашна тІехь урхалла дора марунихо волчу Яхьди-ЯхІус. Жашна тІехь урхалла дора хІагирхо волчу Язиза. И берриге а нах Дауд-паччахьан долахь долчунна тІехь урхалхой бара. Дауд-паччахьо Исраил-мехкан берриге баьччанаш Ярушалайме схьагулбира: тайпанийн хьаькамаш а, паччахьна белхаш беш болу хьаькамаш а, тІеман коьрта хьаькамаш а, тІеман хьаькамаш а, паччахьан а, цуьнан кІентийн а хьал а, даьхни а лардеш болу паччахьан уллоранаш а, берриге а майра турпалхой а, тІемалой а.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода