Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
ТІаккха буса Сулим-паччахьна дуьхьал хІоьттира Веза Эла. Цо элира: «Суна хьан доІа хезира. ХІинца Аса Сайна къастайо хІара меттиг, хІокхунах сагІа доккху цІа хилийтархьама. ЯхІушаптис элира: «Тхан дайн Дела волу Веза Эла! Хьо вац ткъа стигалахь волу Дела? Хьо ву массо а халкъийн пачхьалкхашна тІехь олалла деш! Хьан карахь бу ницкъ а, чІагІо а! Хьуна дуьхьал цхьа а латталур вац! ХІунда аьлча массо а хІума Дала кхоьллина а ду, Цо латтош а ду, Цуьнан дуьхьа лаьтташ а ду. Сийлалла ду Цуьнан абаденналц! Амин! Муьлхха а дика а, кхачаме а совгІат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догІу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода