Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неІаршна оьшун долу хьостамий а, цу неІарийн кІажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цІаста а кечдира. Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хІунда аьлча цІаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна. Дауда элира: «Сан кІант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цІа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чІогІа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дІакхалхале дукха хІума кечдина хилла Дауда. Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цІенна ши бІе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цІаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тІулг а кечбина аса, ткъа ахьа тІеоьшург кечъе. Дела реза вара Даудана, цундела Дауд Деле бакъо йоьхуш вара Якъубан тІаьхьенна Далла лерина гІишло ян.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода