Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Исраилан халкъана тІехь паччахь хьо дІа а хІоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тІедехкинарш а кхочушдан хьо гІертахь, ахьа до гІуллакхаш декъалдина хир ду. ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цІенна ши бІе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цІаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тІулг а кечбина аса, ткъа ахьа тІеоьшург кечъе. Ткъа хьуна, сан кІант Сулим, вовзийла хьайн ден Дела. Хьайн доллучу синца а, доггах а Далла гІуллакх де, хІунда аьлча Везачу Элана хаьа хІораннан а даг чохь дерг а, цуьнан ойланаш а евза Цунна. Нагахь ахьа Веза Эла лахахь, Цо Ша каравойтур ву хьуна. Амма Шегахьара Хьо дІаверзахь, Везачу Эло гуттаренна а дІатосур ву хьо. ТІаккха гулбеллачу массаьрга а Дауд-паччахьо элира: «Дала шуна юкъара хаьржина сан кІант Сулим. Иза къона а, гІорасиза а ву, ткъа хІара гІуллакх сийлахь-деза ду. ХІунда аьлча хІара гІишло адамашна еш яц, иза вайн Везачу Далла еш ю. Сайн боллучу ницкъаца кечдира аса сайн Делан цІенна дашо хІуманаш яйта деши а, дато хІуманаш ян дети а, цІестан хІуманаш ян цІаста а, эчиган хІуманаш ян эчиг а, дечиган хІуманаш ян дечиг а, оникс олуш долу деза тІулгаш а, юкъадохку деза тІулгаш а, бес-бесара хаза тІулгаш а, массо тайпа деза тІулгаш а, алссам шагатІулг а. Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Іамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа.
1. Паралипоменон
Выбор основного перевода