Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Иштта Левин кІентий хІорш бара: ГІиршан, КхахІат, Мерари. ХІорш ю ГІиршанан кІентийн цІераш: Ливани, ШамаІи. КхахІатан кІентий хІорш бара: Іамрам, Ицхьар, Хьеврон, Іузиал. Мерарин кІентий хІорш бара: Махьли, Мушхьи. Левин тІаьхьенах схьадевлла тукхамаш, церан доьзалшка хьаьжжина, хІорш ду: ГІиршанан тІаьхье иштта яра: цуьнан кІант вара Ливани. Ливанин кІант вара Яхьат. Зами вара Яхьатан кІант. Замин кІант вара Юахьи. Ткъа Юахьин кІант вара Ида. Зерахь Іидун кІант вара. Зерахьан кІант вара Яатрай. КхахІатан тІаьхье иштта яра: Іамминадаб цуьнан кІант вара. Кхорахь Іамминадабан кІант вара. Асар Кхорахьан кІант вара. Асаран кІант вара Элкхан. Элкханан кІант Аби-Аса хилира. Аби-Асин кІант вара Асар. Асаран кІант вара Тахьат. Тахьатан кІант вара Уриал. Іузи-ЯхІу Уриалан кІант вара. Іузи-ЯхІун кІант Шаул хилла. Элкханан кІентий бара Іамсай а, Ахьимут а. Ахьимутан кІант вара Элкхана. Элкханан кІант вара Цупай. Цупайн кІант вара Нахьати. Нахьатин кІант вара Элиаб. Элиабан кІант вара Ярохьам. Ярохьаман кІант вара Элкхана. Ткъа Элкханан кІант вара Шамъал. Шамъалан кІентий хІорш бара: дуьххьарлерниг – Юал, шолгІаниг – Аби-ЯхІу. Мерарин тІаьхье иштта яра: цуьнан кІант вара Махьли. Махьлин кІант вара Ливани. Ливанин кІант вара ШамаІи. ШамаІин кІант вара Іуза. Іузин кІант вара ШимІа. ШимІин кІант вара Хьаги-ЯхІу. Хьаги-ЯхІун кІант вара Іаси-ЯхІу.
Выбор основного перевода