Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Дауд волчу схьагулбелира гІело йинарш а, декхарийла бахнарш а, дуьненах дог диллинарш а. Дауд царна тІехь хьаькам хилла дІахІоьттира, хІинца кхуьнца виъ бІе гергга стаг вара. Цигара ваьлла, Дауд Муабин МицІпа-гІала вахара. Цо муабахойн паччахье элира: «Сан дай-наний хьо волчохь дитахьара ахьа, Дала сайна хІун до суна хаъалц». Уьш, муабахойн паччахь волчу схьа а балийна, цигахь битира Дауда. Иза шен чІагІйина меттиг йолчохь мел Іа, цуьнан дай, наний цигахь Іийра. Амма пайхамар волчу Гадас Дауде элира: «Хьо хІара лочкъийла йолчохь ма Іе. Вало, ЯхІудан махка дІагІо». Цигара дІа а ваьлла, Дауд дІавахара. Иза Хьарат олуш йолчу хьуьнах кхечира. Шаулна хезира, Дауд а, цуьнца болу нах а гучубевлла аьлла. Иза цу хенахь ГебаІ-гІалахь цхьана лам тІехь тамариск цІе йолу дитта кІелахь Іаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара, цунна гонахьа бевлла цуьнан накъостий а бара. Шаула шена гонахьа болчу шен ялхошка элира: «ЛадогІа соьга, бен-яманхой. Оцу Юшайн кІанта шуна массарна а кемсийн а, ялтийн а аренаш лур ю моьтту шуна, я эзарнаш а, бІенаш а карахь а болуш шу хьаькамаш бина дІахІиттор ду моьтту шуна? Шу массо а суна дуьхьал хІунда девлла? Шух цхьаммо а, соьга схьа хІунда ца аьлла, сан кІант Юшайн кІантаца гергарло лело барт бина лелаш ву аьлла? Шух цхьаммо а сох къинхетам а бина, соьга схьа ма ца аьлла, сан лай волу Юшайн кІант, хІинца ма-хиллара, со вен бахьана лоьхуш вуйла а, сан кІанта иза суна дуьхьал ваьккхина хилар а». Шаулан гонах болчарна юкъахь лаьтташ волчу эдомхочо ДуагІа элира: «Суна Нуб-гІалахь гира Ахьтубин кІант Ахьи-Малик волчу веана волу Юшайн кІант. Ахьи-Малика иза Везачу Эле вийхира, цунна яа хІума а, пІелаштамхо волчу ГІолиатан тур а дІаделира». Паччахьо Ахьтубин кІанте Ахьи-Малике кхайкха бахийтира, иштта Нуб-гІалара церан цІийнах мел волу динан да а схьакхайкхира. Уьш шаберш а паччахь волчу схьабаьхкира. Шаула элира: «ЛадогІал соьга, Ахьтубин кІант». Вукхо жоп делира: «ЛадугІуш ву, сан эла». Шаула элира: «Хьой, Юшайн кІанттий барт а бина, суна дуьхьал стенна ваьлла? Иза Деле веха а воьхуш, цунна бепиггий, туррий хІунда делла ахьа? Ахьа иза суна дуьхьал хІунда ваьккхина, тахана гуш ма-хиллара, цуьнга суна кІело яйта?» Ахьи-Малика, паччахье жоп луш, элира: «Мила ву хьан хьаькамашна юкъахь Дауд санна хьуна тешаме верг? Иза паччахьан нуц а ву, ахьа тІедиллинарг кхочушдеш верг а ву, хьан цІийнах болчара лоруш а ву. ХІинца бен ца волавелла со иза Деле веха? Цу тІехь сох а, сан цІийнах болчарах а бехк ма баккхахьара ахьа, хІунда аьлча цу доллучу хІуманах хьан лай волчу суна хІумма а ца хаьа». Паччахьо элира: «Ахьи-Малик, хьо вала веза. Хьо а, хьан массо а гергарнаш а!» Шена уллохь лаьтташ болчу гІаролхошка паччахьо элира: «Дуьйло, Везачу Элан динан дай байа. Уьш Даудаца бу. Иза веддийла шайна хуъушехь, цара соьга хаам ца бина». Амма паччахьан гонах болчарна ца лиира Везачу Элан динан дайшна тІе куьг дахьа. ТІаккха паччахьо ДуагІе элира: «Ваха а гІой, и динан дай байа». Эдомхо волчу ДуагІа, ваха а вахана, динан дай байира. Цу дийнахь цо везткъе пхиъ еза ийпад лелош волу стаг вийра. Динан дай Іийна йолчу Нуб-гІалара адам а хІаллакдира цо шен туьраца. Царна юкъахь зударий, божарий, кІегий нах а, бераш а дайира цо. Стерчий, варраш, уьстагІий дайина дІадехира, тур детташ. Царна юкъара, Ахьтубин кІентан Ахьи-Маликан кІант волу Абу-ЯтІари бен, цхьа а кІелхьара ца велира. Иза, ведда, Дауд волчу дІавахара. Абу-ЯтІарис Дауде дІадийцира Шаула Везачу Элан динан дай байина хиларх лаьцна. Дауда Абу-ЯтІарига элира: «Цу дийнахь суна цигахь эдомхо волу ДуагІ гира. Суна хаьара, цо Шауле мотт тухур буйла. Со ву хьан ден доьзал байина хиларна бехке. Со волчохь саца, кхера а ца кхоьруш. Хьо вен гІерташ волчунна со вен а луур ду, цундела со хьуна Іуналла деш хир ву». Шива йозанча вара. ЦІадуккъий, Абу-ЯтІаррий динан дай бара. Цул тІаьхьа ЯхІу-ЯдаІан кІант БенъяхІу Йоабан метта эскаран хьаькам вахийтира Сулим-паччахьо. Ткъа динан да волу ЦІадукъа Абу-ЯтІарин метта динан коьрта да хІоттийра цо. Ахьтубин кІант вара ЦІадукъа. ЦІадукъин кІант вара АхьимаІац. Майра къонах волу тІемало ЦІадукъа а, цуьнан доьзалера волу ткъе ши хьаькам а;
Выбор основного перевода