Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргІанашца а, негІарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора. Царах коьртаниг Асайп вара, шолгІаниг вара Закри-ЯхІу, цул тІаьхьа бара ЯІиал, Шамирамути, Яхьиал, Маттит-ЯхІу, Элиаб, БенъяхІу, Іабади-Эдом, ЯІиал. Уьш мерз-пондарш а, дечиг-пондарш а карахь долуш дІахІиттийра. Асайп дІахІоттийнера цІастанан жима негІарш вовшехдетта. ХІайман а, Ядутун а хІоттийнера турбанашца а, цІастанан негІаршца а, Далла иллеш аларна лерина болчу кхечу зурманийн гІирсашца а мукъам балорна тІехь. Ткъа Ядутунан кІентий кевнехь дІахІиттийна бара. Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цІастанан негІаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гІуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХІайманан а, Ядутунан а тІаьхьенах берш. Шайн-шайн гІуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дІакъастийначу нехан цІераш хІорш ю: Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цІийнан кертахь цІастанан негІаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гІуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХІайман а паччахьан куьйгаллехь вара.
Выбор основного перевода