Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Ткъа левихой къобалбе тоьшаллин четарна а, цуьнан пхьегІашна а, цуьнца доьзна долчу дерриг хІуманна а тІехь куьйгалла дан. Цаьрга леладайта и Делан четар а, цунна оьшу гІуллакх а дайта. Шаьш совца дезачу меттигехь цу четарна гонах шайн меттамотт дІахІоттабайта цаьрга. АхІарона а, цуьнан кІенташа а Делан четар чуьра езачу хІуманашна тІе кІадеш тасар чекхдаьллачул тІаьхьа, меттамотт дІабоккхучу хенахь, кхахІатхой тІебахкийта уьш дІаяхьа. Амма езачу хІуманех уьш хьакха ма балийта, шаьш ца балийтархьама. Делан четар чуьра и хІуманаш КхахІатан тІаьхьенах болчу наха яхьа еза. ХІетахь Везачу Эло Левин тайпа дІакъастийра, цуьнга Везачу Элаца динчу бертан тІорказ дІасалеладайтархьама а, Везачу Элана хьалха гІуллакх дайтархьама а, Цуьнан цІарах декъалдарш дІакхайкхадайтархьама а. Таханлерчу дийне схьакхаччалц иза хІинца а иштта схьадогІуш ду. ХІара товрат-хьехам, дІа а язбина, Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ лелочу левихойх болчу динан дайшка а, исраилхойн массо а къаношка а дІабелира Мусас. Везачу Эло Мусагахула тІе-ма-диллара, левихоша Делан тІорказ шайн белшашна тІедехкинчу хьокхашца дІадаьхьира. Ткъа Закри-ЯхІус, Іазиала, Шамирамутис, Яхьиала, Іунис, Элиаба, МаІсей-ЯхІус, БенъяхІус лекхачу озаца мерз-пондарш лакха дезара.
Выбор основного перевода