Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цул тІаьхьа Исраилан халкъан къаной а, исраилхойн тайпанийн а, гаранийн а, доьзалийн а берриг а баьччанаш, ша Іаш волчу Ярушалайм-гІала шена тІекхайкхира Сулим-паччахьо, хьалха Цийон цІе йолуш хиллачу Даудан гІалара Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ схьадаийтархьама. Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Іинна тІе кхаччалц, Кхиръят-ЯІаримера Делан тІорказ схьадархьама. Дауда цаьрга элира: «Шу левихойн доьзалийн баьччанаш ду. Шу шаьш а, шун вежарий а Далла хьалха цІан а ло, аша Исраилан халкъан Везачу Делан тІорказ схьа а да. Аса дІахІотто кечйинчу метте дІахІоттаде иза.
Выбор основного перевода