Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цхьа хан яьлча, наха Дауде элира: «Везачу Эло Іабади-Эдом а, цуьнан цІа а декъалдина, Делан деза тІорказ иза волчохь лаьттина дела». ТІаккха Дауда воккхаверца Делан деза тІорказ Іабади-Эдоман цІера Даудан гІала схьадаийтира. Везачу Элан деза тІорказ дахьаш богІуш болчара хьалхара ялх гІулч яьккхича, эса а, сту а сагІина дейтира Дауда. Дауд, шен берриг а ницкъаца воккха а веш, Везачу Элана хьалха хелхавуьйлура, цунна тІеюьйхина гатанан оба бен, хІумма а яцара. Дауда а, дерриг а Исраилан халкъо а Везачу Элан деза тІорказ, хазахетарца маьхьарий а детташ, коьман маІаш а лоькхуш, схьадахьаш дара. Иштта, и тІорказ ша волчу, Даудан гІала, дІа ца даьхьира Дауда. Цо иза гатихо волчу Іабади-Эдоман цІа дІадаьхьира.
Выбор основного перевода