Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Паралипоменон
Параллельные места
Цигахь шайн тІаьхьенашца гІуллакх динарш хІорш бара: кхахІатхойн тІаьхьенах зурманча вара ХІайман. Иза Юалан кІант вара, ткъа Шамъалан кІант вара Юал. ХІайманна аьтту агІор лаьттачу цуьнан гергара волчу Асайпа зурманчин гІуллакх дора. Асайп вара Берех-ЯхІун кІант. Берех-ЯхІу ШимІин кІант вара. ХІайманна аьрру агІор а лаьтташ, зурманчин гІуллакх дора церан гергара йолчу мерарихойн тІаьхьенах волчу Кхишин кІанта Этана. Кхиши Іабдин кІант вара. Іабди вара Малукан кІант.
Выбор основного перевода