Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Мусас кхин а элира: «Везачу Элана хезна Шена шу резацахилар, цундела Цо сарахь даа жижиг лур ду шуна, ткъа Іуьйранна бепиг а лур ду. Сан а, АхІаронан а карахь хІумма а дац! Шу резацахилар тхойшинна дуьхьал дац, Везачу Элана дуьхьал ду». Ткъа аша хІинца шайн Дела дІатесна, Цо шаьш массо а балех кІелхьардохуш хилла доллушехь. Аша Цуьнга элира: „Тхуна тІехь паччахь хІоттаве“. ХІинца Везачу Элана хьалха, шайн тайпанаш а, гаранаш а билгал а дахий, дІахІитта».
Выбор основного перевода