Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Шайн Везачу Дала шайна луш долчу лаьтта тІе а даьхкина, латта шайн дола а даьккхина, цигахь шаьш даха хевшича, аша иштта ала мега: „Ваьшна тІехь паччахь дІахІоттаве вай, вайна гонах долчу халкъаша ма-хІоттаварра“. Иштта делахь, шун Везачу Дала схьахаьржжинарг дІахІоттавелаш шайна тІехь паччахь. И паччахь шун гергарчарна юкъара хила веза. Кхечу махкара волу а, шун къомах воцу а стаг шуна тІехь паччахь дІахІоттавойла дац. Амма наха Шамъале ла ца дуьйгІира. Цара бохура: «ХІан-хІа! Тхуна тхайна тІехь куьйгалла дан паччахь веза. ТІаккха бен хир дац тхо важа къаьмнаш санна. Тхан паччахьо тхуна тІехь куьйгалла дийр ду, тІемашкахь иза, тхуна хьалха а ваьлла, куьйгалла деш а лелар ву». Мичахь ву хьан паччахь хІинца? Цо хьо кІелхьардаккха ца дезара те? Массо а хьан гІаланашкара хьан куьйгалхой мичахь бу? Царах лаьцна ма элира ахь: „Лохьа тхуна паччахь а, хьаькамаш а!“ Юха халкъо шена паччахь вехна. Дала Бен-Яманан тІаьхьенах волу Къушин кІант Шаул велла царна. Шаула шовзткъа шарахь паччахьалла дина.
Выбор основного перевода