Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шайна дина хьехарш аша дІатеттира, ас боху нисдар аша тІе ца ийцира. Цундела со а кхаьрдар ду шуна тІедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Іадийна дІахІиттича – шуна тІе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтІанан мох санна, шуна вон тІедеача, шу гІайгІане, сингаттаме хилла, дІахІиттича. ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Уьш, Везачу Элан дош лоьхуш, Дуьрачу хІорда тІера Дуьненаюккъерчу хІорда тІе а, къилбаседера малхбале а лелар бу, амма иза карор дац. ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела.
Выбор основного перевода