Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо шена дукха говраш а ма гулйойла, нах Мисар-махка а ма бахийтойла, шена кхин говраш хилийтархьама, хІунда аьлча Везачу Эло шуьга аьлла дара: „Мисар-махка юха ма дуьйлалаш“. Шаул ша мел веха пІелаштамхошца тІом беш хилла. Шена майра а, доьналла долуш а волу стаг гича, иза ша волчу дІавуьгуш хилла цо. Цул тІаьхьа Абушалама шена гІудалкхаш а, говраш а, шена хьалха сиха лелаш волу шовзткъе итт стаг а нисвира. Кураваьллачу Хьагатан кІанта Адан-ЯхІус (иза Дауд-паччахьан дийна бисинчех воккхаха волу кІант вара) ша паччахь хир ву олура. Цо шена гІудалкхаш а кечйира, дошлой а хаьржира, шовзткъе итт сиха лела стаг а гулвира.
Выбор основного перевода