Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бІенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тІехь куьйгалхой хІиттабе. Къечу стагана ен кхел бакъдолчунна тІера ма ялийта. Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо. Ма талхаделаш кхелъяр, цхьаьнгге а озабезам ма белаш. Ма эцалаш кхаьънаш, хІунда аьлча кхаьънаша хьекъале берш а бІарзбо, нийса болчеран гІуллакхаш хийцадолуьйту. Іелин кІентий чІогІа вон нах хилла. Цара Веза Эла къобал а ца вора, Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама, иза духалург луш воцучун а, бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а. Цу тайпана лелаш верг даима а лаьттар ву.
Выбор основного перевода