Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, адамийн синош тІедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гІерташ верг. ЯрбаІама шен зудчуьнга элира: «Яло, хьо сан зуда юйла ца хаийта, хьайна тІе хийцина хІума а юхий, Шилун-гІала гІо. Цигахь вехаш АхьъяхІу цІе йолу цхьа пайхамар ву. Со хІокху халкъан паччахь хилла дІахІоттор ву аьлла, хаам бинера цо. Пайхамар, шен бІаьргаш дІахьулбархьама дуьхьал хІума а оьллина, новкъа а ваьлла, некъана уллохь лаьтташ вара, исраилхойн паччахье хьоьжуш. Ахьаб-паччахьо ЯхІушапти-паччахье элира: «Аса, со мила ву къайладаккхархьама, сайна тІера духар а хийцина, тІом дІаболор бу. Ткъа ахьа хьайн паччахьан духар тІедуха». Иштта, ша мила ву къайладаккхархьама, шена тІе хийцина хІума а юьйхина, тІом дІаболийра исраилхойн паччахьо. Амма Юши-ЯхІус, иза волчуьра дІаваха дагахь а воцуш, шен духарш хийцарца ша мила ву къайладаьккхира, цунна дуьхьал тІом бархьама. Делан омрица Нахус аьллачу дешнашка ла а ца дугІуш, Юши-ЯхІу МагІидда олучу аренга веара тІом бан дагахь. Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»
Выбор основного перевода