Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха сихонца четар кІел а вахана, Сарате элира ИбрахІима: «Сихо яй, кхо бога тоьллачу демах бод хьакхабай, совсаза долу бепиг де». ТІаккха, цигара араиккхина, ведда шен даьхни долчу вахара иза. Уггар тоьлла долу эса а хаьржина, ялхочуьнга и дІа а делла, цунна сихонца урс а хьакхий, жижиг кечде, элира цо. Кечдина жижиг а, шура а, нехча а, схьа а еана, кхаа стагана хьалха хІоттийра ИбрахІима, ткъа ша царна уллохь дитта кІелахь сецира, уьш хІума юуш болчу юкъана. Юстийна йолу старгІа схьа а ялаяй, урс хьакха: той хІоттор ду вай.
Выбор основного перевода