Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Безачу тІоьрмага тІе дахка Урим а, Тумим а олу деза тІулгаш. Везачу Элана хьалха АхІарон хІуттуш цуьнан дагна уллохь хир ду уьш. Ша Везачу Элана хьалха а волуш, исраилхошна хІун дан деза билгалдаккхаран хІуманаш шен дагна уллохь лелор ю АхІарона». Везачу Эло элира: «ЛадогІа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хІуттур вара, я гІенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца. ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тІаккха Ас Шена тІедиллинарг нахе дІаэр ду Цо. Шаула Деле хаттар дира: «ПІелаштамхошна тІаьхьавала мегар дуй со? Ахьа царна таІзар дойтур дуй тхоьга?» Амма цу дийнахь Дала жоп ца делира Шаулна. ТІаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, qac Иqac* дерриг Ярушалайман кевнаш лаьттах чу ма дахана. Церан дерриг а гІораш а, дохийна, дІа ма даьхна. Цуьнан паччахь, цуьнан элий хийрачу нахана юкъабаьхна. Товрат-хьехамаш Іамо кхин цхьа а вац. Цуьнан пайхамаршна хьалха кхин ца хІуьтту Везачу Элера долу суьрташ. ТІаккха уьш Везачу Эле кхойкхур бу, амма Цо жоп лур дац царна. Цу дийнахь Цо Шен юьхь дІаерзор ю царах, цара зулам дина дела. Сан халкъ тилош болчу пайхамарех лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Шайна кхаъ кхаллочарна цара машар кхайкхабо, ткъа шайн бага хІума ца юьллучарна цара тІом дІахьебо. Цундела хІуттучу суьртийн метта, шуна буьйса хир ю, хиндолчух лаьцначу билгалонийн метта, Іаьржа бода хир бу. Пайхамаршна малх а къайлабер бу, де а кхулур ду. Хиндерг хуучарна эхь хетар ду, палтуьйсурш а юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Цара массара а шайн батош дІакъовлур ю, хІунда аьлча царна Делера жоп хир дац».
Выбор основного перевода