Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ашаран а, Иссарханан а латтанаш тІехь йолу гІаланаш а яра Маннашан тайпанан долахь: Байт-Шеан а, ИбалІам а, ткъа иштта царна гонах йолу кегийра гІаланаш а. Цул сов, хІокху гІаланашкахь а Іаш бара уьш: Дор, Іейндар, ТаІнак, МагІидда, царна гонах йолу гІаланаш а (царах кхозлагІниг Напат яра). Иштта, Везачу Эло бохург а ца деш, Цунна муьтІахь ца хиларна, хІаллакьхиллера Шаул-паччахь. Везачу Эло аьлларг а ца деш, жинашца тайна йолчу зудчух дагавала ваханера Шаул. Шаула Веза Эла ца лоьхура дагавала. Цундела и бахьана долуш Шаул валийтира Везачу Эло. Ткъа цуьнан пачхьалкхана тІехь деш долу олалла Юшайн кІентан Даудан кара дІаделира Цо. Цкъа доІа дечу метте тхо дІадоьлхучу хенахь новкъахь тхуна дуьхьалкхийтира цхьа йоІ-ялхо. Хиндерг хоуьйтуш жин дара цунна чохь. Шен хІусамдайшна боккха пайда бахьара цу ялхочо, нахана хиндерг а дуьйцуш.
Выбор основного перевода