Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беллачийн синош тІедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тІе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву. Шайна улло ма вита шен кІант я йоІ цІергахь дагош верг, пал тосуш верг, жинашца тайнарг, эвлаяъ, бозбунчалла лелош верг, адамийн синош тІедоьхуш верг, молханаш лелош верг, беллачу нахаца къамел дан гІерташ верг. Іуьйранна хьала а гІаьттина, Далла корта а тоьхна, уьш шайн цІа долчу Раме юхабахара. Элкхан шен зудчуьнца дІавижинчул тІаьхьа Дала Хьанатан дехар Шена дагадаийтира. Цигахула ша чекхваьлча, иза Раме дІавоьдуш хилла. Цигахь дара цуьнан цІа, цигахь йора цо Исраилан халкъана юкъахь кхел. Кхузахь цо Везачу Элана лерина долу сагІа доккху меттиг кечйира. хІунда аьлча муьтІахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду, ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цІу-динах тешар санна ду. Ахьа Везачу Элан дош дІататтар бахьана долуш, Цо хьо дІатеттина, Исраилан халкъан паччахь ца хилийта». Шамъал кхелхира. Массо а исраилхо иза дІаверзо схьагулвелира. Белхаршца, чІогІа халахетарца иза шен цІахь, Рамехь, дІавоьллира цара. Дауд, хьала а гІаьттина, лам тІера Паран олучу яьссачу аренга охьавоьссира. Шуьга иштта эр ду: «Шабар-шибар деш болчу жинашца тайначех а, эвлаяэх а дагадийла. Халкъ шен деланех дагадала дезаш дац ткъа? Дийначийн дуьхьа беллачех дага ца довлу ткъа?»
Выбор основного перевода