Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Шаула а, цуьнан эскаро а АгІагах къинхетам бира, дико долу уьстагІий а, стерчий а, дерстана долу эсий а, Іахарий а дитира, иштта дика мел долу хІума а, доха ца деш Іаддитира, ткъа оьшуш мел доцу хІума дохийна дІадаьккхира. Шаула Шамъале элира: «Везачу Эло бохучуьнга ла а доьгІна, Цо аьллачу новкъа велира со. Іамалекхахойн паччахь АгІаг аса схьавалийна, уьш мел берш хІаллак а бина. Шамъала Шауле жоп делира: «Со хьоьца юхавогІур вац, хІунда аьлча ахьа Везачу Элан дош дІатеттина, цундела Цо хьо юхатеттина Исраилан халкъан паччахь ца хилийта».
Выбор основного перевода