Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан Са Шаулах дІакъаьстира. Цунна тІе Везачу Эло дахийтинчу жино иза хьийзавора. Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу». ШолгІачу дийнахь Делера долу жин цІеххьана Шаулна тІе доьссира. Иза шен цІахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара. Цо, шен дагахь: «Аса иза хІинца пенах дІалатор ву», – бохуш йолу ойла а еш, гоьмукъ кхоьссира. Амма Дауда, шозза а дІа а таьІна, иза тІехбалийтира.
Выбор основного перевода