Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Аша тхуна гІо ца дойла хиъча, оха тхаьш кхоа а ца деш, хил дехьа а девлла, Іамминхошца тІом бира. Везачу Эло уьш тхан кара схьа а белира. Шу хІинца стенна даьхкина соьца тІом бан?» Амма Шаула элира: «Таханлерчу дийнахь цхьа а стаг вен йиш яц: тахана Везачу Эло Исраилан халкъ кІелхьардаьккхина!» Шен тІоьрмаг чу куьг а дахийтина, тІулг схьаийцира цо. Ширдолагца ластийна, цо иза пІелаштамхочунна хьажа юккъе туьйхира. И тІулг цунна нийсса хьажа юккъе богІабелира, ткъа пІелаштамхо бертал охьавуьйжира. Иштта тІулгаций, ширдолагций пІелаштамхо эшийра Дауда. Цо иза карахь тур а доцуш вийра. И зуда Шаулна тІееара. Цунна гира иза чІогІа кхеравелла хилар. Зудчо элира: «Сан дахарна сайна кхерам боллушехь, аса ахьа бохург дина. Цо элира: «Къа латийна аса сайх, бехк боцучунна ямартло а йина». Амма цара цуьнга элира: «Тхуна хІун ду иза? Иза хьайна хуур ду хьуна».
Выбор основного перевода