Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа ГебаІ-гІаларчу сагІа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пІелаштамхойн тоба хир ю гІаролехь лаьтташ. Хьо гІали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тІера охьавогІуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. Хьуна тІе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тІаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТІаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. Уьш ГебаІ-гІаларчу сагІа доккхучу барза тІе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тІе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дІахІоьттира. Шаул хьалха вевзаш хиллачара, шайна хІара пайхамаршна юккъехь, цара дийриг а деш, воллуш гича, вовшашка хоьттура: «ХІун хилла Къушин кІантана? Шаулах а пайхамар хилла техьа?» Царна юккъехь волчу цхьаммо элира: «Ткъа цу пайхамарийн дай муьлш бу?» ХІетахь дуьйна схьа олуш ду: «Шаул а ву техьа пайхамаршна юкъахь?» Оцу хенахь Амосан кІантана ЕшаІ-ЯхІуна Везачу Эло тІедиллира билгалонна цхьа хІума дар. Цо элира: «Ваха а гІой, хьайн гІодаюкъ а ястий, хьайна тІера сингаттаман барзакъ а схьадаккха, когара мачаш а охьакхисса». Вукхо иштта дан а дира: иза верзина а, когаш Іуьйра а лелара. Юха Мика-ЯхІус элира: «Со цунна воьлхур а ву, тийжар а ву, когаш Іуьйра а, верзинаваьлла а лелар ву со. Со, чангІалкх санна, угІур ву, бухІа санна, воьлхур ву,
Выбор основного перевода