Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мархи юкъахь чувоьссинчу Везачу Эло къамел дира Мусаца. Цуьнгара Дезачу Синан дакъа схьа а эцна, кхузткъе итт тхьамдина делира Везачу Эло. Деза Са шайна тІе доьссича, уьш Делера болу хаам бан хІиттира нахана, амма юха а севцира. Цул тІаьхьа ГебаІ-гІаларчу сагІа доккху барз болчу кхочур ву хьо. Цигахь пІелаштамхойн тоба хир ю гІаролехь лаьтташ. Хьо гІали чу ваьлча, хьуна масех пайхамар гур ву барза тІера охьавогІуш. Уьш, вота а, зурма а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш беш хир бу. Хьуна тІе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тІаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТІаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. Уьш ГебаІ-гІаларчу сагІа доккхучу барза тІе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тІе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дІахІоьттира. ТІаккха Шаула Даудан цІа шен тІемалой бахийтира, цунна кІело а йина, иза садаржале вейта. Даудан зудчо Михулас цуьнга элира: «Ахьа хьайн са тахана кІелхьара ца даккхахь, кхана хьо вуьйр ву». Шаула Дауд схьалаца нах бахийтича, Михулас Дауд цомгуш ву элира. «Цул тІаьхьа иштта хир ду: Аса Сайн Синан Іаь тухур ю дерриг а адамна тІе. ТІаккха шун кІентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу. Шун баккхийчарна Делера долу гІенаш гур ду. Ткъа кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ дуьхьалхІуьттуш хир бу.
Выбор основного перевода