Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу зудчун цІенош гІалин пена юккъехь дара, цундела цо и ши стаг корехула муьшаца чувоссийтира. Кхузткъе уьттазза ворхІ-ворхІ хан-зама билгалъяьккхина хьан халкъана а, хьан езачу гІалина а зуламаш чекхдаха а, харцонийн чаккхенна тІе мухІар тоха а, къинош дІадаха а, даим нийсо латтийта а, хІуьтту суьрташ а, пайхамарша дийцинарш а чІагІдайта а, уггар Дезаниг къобалдайта а. Делахь, хаа а хаалахь, кхета а кхеталахь: Ярушалайм-гІала меттахІотторах лаьцна даьлла омрана тІера Дала къобалвинчу баьччанна тІе кхачале, ворхІазза ворхІ-ворхІ хан-зама а, кхузткъе шозза ворхІ-ворхІ хан-зама а ер ю. ТІаккха меттахІоттор ю и гІала шен урамашца а, чІагІонашца а, амма халачу хенашкахь хир ду иза.
Выбор основного перевода