Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд Шаулаца къамел дина ваьлча, цуьнан а, ЯхІунатин а юкъаметтиг кхин а чІагІъелира, цунна иза, ша-шена санна, дукхавезавелира. Шаула Дауд шеца витира, иза шен да волчу дІа а ца вохуьйтуш. ЯхІунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагІалла лело барт бира цо. Шаулна и дешнаш чІогІа ца дезаделира. Цо элира: «Цара Даудана итт эзарнаш дІабелла, ткъа суна – эзарнаш бен. Цунна хІинца, паччахьалла тІехилчхьана, кхин хІумма а ца оьшу». Цу дийнахь дуьйна Шаул Дауде хьогІаца хьоьжура.
Выбор основного перевода