Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ахьа шега аьлларг цо дІаэр ду. Къамел дечу хенахь Со шуьца хир ву, Ас Іамор ду шуна аша дан дезарг. Цхьана дийнахь Хьагатан кІант Адан-ЯхІу, Сулиман нанна Бат-ШабаІна тІе а веана, цунна хьалха охьатаьІира. Бат-ШабаІа хаьттира цуьнга: «Маршонца дуй те хьан вар?» Адан-ЯхІус жоп делира: «Маршонца ду», – аьлла. Йорама, шена ЯхІу гича, хаьттира: «ЯхІу, машарца вогІий те хьо?» «Машар муха хуьлу, хьан нанас Изабала долийна долу цІушна Іибадат дар а, бозбунчаллаш лелор а хІинца а долуш хилча?» – аьлла, жоп делира ЯхІус.
Выбор основного перевода