Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан Са охьадоьссинера Іотниалана тІе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира. Иза тІом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дІавелира, цундела Іотниала цунна тІехь толам а баьккхира. Яптахьна тІе Везачу Элан Са доьссира. Иза ГалІадан а, Маннашан а мехкашкахула а, иштта ГалІадарчу МицІпехула Іамминхойн махка тІе кхечира. Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. Хьуна тІе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тІаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТІаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. Шаула Шамъал волчуьра дІаваха букъ берзошшехь, Дала цунна керла дог делира, ткъа и ерриге билгалонаш цу дийннахь кхочушхилира. Уьш ГебаІ-гІаларчу сагІа доккхучу барза тІе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тІе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дІахІоьттира. Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Цкъа мацах, сурт хІотточу хенахь, Хьайна тешамечу нахе Ахь элира: «Доьналла долчунна Ас гІо дира, нахана юкъара верг Аса хьалаайира.
Выбор основного перевода