Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамъал воккха хилира. Веза Эла цуьнца вара, Цуьнан цхьа а дош кхочуш ца хуьлуш ца дисира. ТІаккха Дауда Шауле элира: «И пІелаштамхо бахьана долуш цхьа а стаг гІайгІане хила оьшуш вац. Хьан лай, ваха а вахана, цуьнца летар ву». Шаула Дауде элира: «Хьо ларор вац цу пІелаштамхочуьнца, хІунда аьлча хьо хІинца а жима ву, ткъа иза кога ирахІоьттинчу хенахь дуьйна тІеман гІуллакх девзаш хилла ву». Дауда Шауле элира: «Хьан лай шен ден уьстагІий дажош лелла ву. Нагахь санна, я лом, я ча а еана, цара жа юкъара уьстагІ дІабаьхьча, царна тІаьхьа а воьдий, тІекхетий, церан багара иза схьабоккхура ас. Амма иза сайна тІекхетча, аса цуьнан кхес схьа а лоций, охьа а тухий, йоьра. Лом а, ча а йоьра хьан лай волчо. Изза хир ду оцу сунтваза волчу пІелаштамхочунна а, дийна волчу Делан эскарна кхиссарш еш волчу». Дауда ша мел деш долу гІуллакх кхиамца дора, хІунда аьлча Веза Эла цуьнца вара.
Выбор основного перевода