Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делера долу жин Шаулна тІе охьа мосазза дуссу, Дауда, схьа а оьций, дечиган пондар локхура, тІаккха Шаулан са паргІатдолура. ШолгІачу дийнахь Делера долу жин цІеххьана Шаулна тІе доьссира. Иза шен цІахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара. Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цІахь, гоьмукъ карахь а болуш, Іаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Ткъа хІинца схьавалавел суна тІе дечиг-пондар локхуш верг». Дечиг-пондар локхуш волчо пондар локхучу хенахь ЭлишаІах Везачу Элан куьг хьакхаделира.
Выбор основного перевода