Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іабадин хилира кІант Юшай. Юшаян хилира кІант Дауд. «Кхана хІоккху хенахь Аса Бен-Яманан лаьттара хьуна тІе цхьа стаг воуьйтур ву. Ахьа иза, Сан къомана куьйгалхо хилийта, цунна тІе даьтта дуттуш, къобалван веза. Цо Исраилан халкъ пІелаштамхойх кІелхьардоккхур ду. Со диканца хьаьжна Сайн къоме, хІунда аьлча цуьнан узарш Суна схьахезна ду». Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. хІунда аьлча муьтІахь цахилар, бозбунчалла лелор санна, къилахь ду, ткъа шен лааме а ваьлла, дуьхьалвалар цІу-динах тешар санна ду. Ахьа Везачу Элан дош дІататтар бахьана долуш, Цо хьо дІатеттина, Исраилан халкъан паччахь ца хилийта». Шамъала Шауле жоп делира: «Со хьоьца юхавогІур вац, хІунда аьлча ахьа Везачу Элан дош дІатеттина, цундела Цо хьо юхатеттина Исраилан халкъан паччахь ца хилийта». Цул тІаьхьа Шамъална Шаул кхин ца гира ша велла дІаваллалц, амма цо цунах лаьцна шен дага чохь гІайгІа латтайора, хІунда аьлча Веза Эла дохковаьллера Ша иза Исраилан халкъана тІехь паччахь вина дІахІотторна. ЭлишаІ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, хІара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалІад-махкарчу Рамат-гІала дІагІо. Цо Шен ялхо волу Дауд хаьржира, иза дежийлашкара схьа а ваьккхира. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Цул тІаьхьа Шаул дІа а ваьккхина, Дала Дауд хІоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кІант карийна, и стаг Сан даго тІелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гІуллакхаш“.
Выбор основного перевода