Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа Дала зуламе са дахийтира Абу-Маликаний, Шехем-гІалин бахархошний юкъа хІотта. Шехемхой Абу-Маликна дуьхьалбевлира. Делилас элира: «ПІелаштамхой хьуна тІебогІуш бу, Шамшон!» Сама а ваьлла, цо элира: «Ваха а вахана, хьалха санна, кІелхьарвер ву со!» Цунна ца хаьара, Везачу Эло ша витинийла. ШолгІачу дийнахь Делера долу жин цІеххьана Шаулна тІе доьссира. Иза шен цІахь хьераваьлча санна лелара, ткъа Дауд, кхечу деношкахь санна, дечиг-пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Шаулан карахь гоьмукъ бара. Шаул Даудах кхоьруш вара, хІунда аьлча Веза Эла цуьнца вара, ткъа Шаулна уллора Иза юхаваьллера. Юха а Везачу Элера долу жин чудоьссира Шаулна. Шен цІахь, гоьмукъ карахь а болуш, Іаш вара иза, ткъа Дауд, дечиган пондарх пІелг а туьйсуш, Іаш вара. Шамъала Шауле хаьттира: «Со стенна меттахвоху ахьа? Соьга хІунда кхойкху хьо?» Шаула элира: «Суна чІогІа хала ду. ПІелаштамхой суна дуьхьал гІевттина тІамца. Дала суна букъ берзийна. Цо суна я пайхамаршкахула а, я гІенах а жоп ца ло. Цундела аса хьоьга кхойкху, айса дан дезачух дагавала». Шамъала элира: «Соьга стенна до ахьа хаттарш, Веза Эла хьан мостагІа хилла дІахІоьттина хилча?
Выбор основного перевода