Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Безакхехь дуьхь-дуьхьал кхийтира уьш Адани-Безакхца, цигахь канаІанхой а, перезахой а эшийра цара. Массо а Исраилан халкъах долчу тайпанан куьйгалхой а баьхкинера Далла хьалха вовшахкхетачу метте. Виъ бІе эзар карахь тур лелош волу тІемало схьагулвеллера кхузахь. Цу дийнахь ткъе ялх эзар Бен-Яманан тІаьхьенах тур лелош волу тІемало, вовшах а тоьхна, тІамана кечвира. Кхин а ГебаІ-гІалара ворхІ бІе тур лелош волу тІемало а вара цаьрца. Дерриг а эскарна юкъара ворхІ бІе стаг къаьсттина дика тІемало вара. Уьш массо а гезолгаш бара. Цара ширдолагца тІулг кхуссучу хенахь, тай тоьхча санна, нийса кхуссура. Бен-яманхой боцурш, исраилхойн виъ бІе эзар тур лелош волу тІемало схьагулвеллера. Уьш массо а тІамана кийча а бара. Нах багарбаран жамІ паччахье дІаделира Йоаба: кара тур а лаьцна, тІом балур болуш волу бархІ бІе эзар исраилхо хилар, ткъа яхІудхо – пхи бІе эзар стаг.
Выбор основного перевода