Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сол хьалха а валий, Галгала дІагІо. Со а дІавогІур ву цига, дийнаташ дагоран сагІанаш а, барт баран сагІанаш а дахархьама. ВорхІ дийнахь соьга хьоьжуш Іе, тІаккха аса эр ду хьоьга, хІун дан деза». Шамъала дерриг а Исраилан халкъ Веза Эла волчу МицІпе схьакхайкхира. Шамъала нахе йийцира паччахьан бакъонаш. Цу бакъонах лаьцна тептар а яздина, иза Везачу Элана хьалха охьадиллира. Цо нах хІора шен-шен цІа дІабахийтира. Исраилан халкъана Шаула пІелаштамхойн эскаран тоба эшийнийла а, Исраилан мохк церан луьра мостагІа хилла дІахІоьттинийла а хиъча, халкъ Шаул волчу Галгал-гІала схьагулделира. Амма Шамъала элира: «Хьан туьро нанойх бераш ма-даххара, хьан нана а йолийла шен кІантах». Галгалахь Везачу Элана хьалха Шамъала АгІаг, вен а вийна, цунах дакъош дира.
Выбор основного перевода