Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дІахІиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кІелхьардахар гур ду шуна. ХІинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна. Цара геланчашка элира: «ГалІадерчу Явеш-гІалин бахархошка дІаала: „Кхана малх схьакхеттачул тІаьхьа царна гІо кхочур ду“». Геланчаша, юха а баьхкина, иза нахе дІаэлира. Уьш чІогІа гІадбахнера. ТІеман аренгахь болу пІелаштамхой а, меттаматтахь лаьтташ болу эскархой а, хьалха дІаяхийтина йолу эскархойн тобанаш а, чІогІа кхераелла, йоьхнера. Латта дегош дара. Везачу Эло уьш Іадийнера. ПІелаштамхочунна дуьхьал иза, шех лаьцна ойла а ца еш, велира, шен дахар боккхачу кхерам кІел а хІоттийна. Везачу Эло боккха толам баийтира Исраилан махка. Иза гина волу хьо а ма вара воккхавеш. Стенна гІерта те хьо, цхьа а бахьана доцуш, Дауд вен а вийна, бехк боцу цІий а Іанийна, зулам даккха?» ТІаккха Дауда элира: «ХІун дан деза аса шуна, Царуятан кІентий? Суна дуьхьалбевлла болу нах санна хилла шу хІинца. Муха воккхур ву тахана, милла а иза велахь а, цуьнан дахарх? Тахана суна гуш ма ду, со Исраилан халкъан паччахь хилар».
Выбор основного перевода