Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе. Цундела исраилхоша хаьттинера: «Исраилан тайпанех волу цхьа а стаг вуй Везачу Элана хьалха МицІпахь гуламе ваза висина?» Цигахь царна хиира, ГалІадарчу Явешера цхьа а стаг Везачу Элана хьалха гуламе веана цахилар. Амма Іамминхойн паччахь Нахьаш шайна дуьхьалваьлла гича, аша соьга элира: „Паччахье паччахьалла дайта тхуна тІехь“, – Веза Дела шайн Паччахь воллушехь! ГалІадарчу Явеш-гІалара болчу бахархошна дІахезира пІелаштамхоша Шаулна динарг. Бен-Хьадида элира цуьнга: «Сан дас хьан дегара схьаяьхна хилла йолу гІаланаш аса хьуна юхаерзор ю. Хьайн долахь базарш хила а йиш ю хьан Дамасакхехь, сан ден а Шамран-гІалахь базар ма-хиллара». Ахьаба элира: «Вайшиммо и барт дІаязбинчул тІаьхьа аса дІахоьцур ву хьо». Иштта, Бен-Хьадидаца барт а бина, иза дІахийцира Ахьаба. Цул тІаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цІийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дІавигира цо,
Выбор основного перевода