Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элан Са охьадоьссинера Іотниалана тІе, иза Исраилан мехкан куьйгалхо хилла дІахІоьттира. Иза тІом бан аравелира. Ткъа Везачу Эло цуьнан кара Араман паччахь волу Кушан-Рашхьатайман дІавелира, цундела Іотниала цунна тІехь толам а баьккхира. ГадІанна тІе Везачу Элан Са доьссира. ГадІана, коьман маІа а лекхна, ша волчу Абу-Іезаран тайпанах долу халкъ схьагулдира. Везачу Элан Са иза меттахъхьеван доладелира Махьаней-Дан цІе йолчу меттехь иза волчу хенахь. И меттиг ЦорІаний, Эштаулний юккъехь дІахІоттийна яра. Шамшонна тІе Везачу Элан Са доьссира, тІаккха цо и лом, буьхьиг санна, этІийна, цистина, дІадаьккхира. Цо шен дега а, нене а цунах лаьцна хІумма а ца элира. Хьуна тІе Везачу Элан Са охьадуссур ду. Цул тІаьхьа цаьрца ахьа а, шовкъ а еана, Делера болу хаамаш бийр бу. ТІаккха хийца а велла, хьох керла адам хир ду. Уьш ГебаІ-гІаларчу сагІа доккхучу барза тІе бевлча, царна масех пайхамар дуьхьалкхийтира, Шаулна тІе Делан Са охьа а доьссира. Иза а цаьрца, шовкъ а еана, Делера хаамаш беш дІахІоьттира. Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара.
Выбор основного перевода