Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЦІа веанчул тІаьхьа, урс схьа а эцна, цо иза, шийтта дакъа доккхуш, йийкъира. И дакъош цо Исраилан массо а маьІІе дІасадахьийтира. Исраилхой схьагулбелира Везачу Элана хьалха МицІпа-гІалахь. Дан-гІалара дуьйна Беар-ШабаІе кхаччалц болчу берриг а Исраилан махкара схьагулделлера адам. ГалІадара Исраилан халкъ а деанера кхуза. Цул тІаьхьа Исраилан халкъо хаьттира: «Исраилхойн тайпанах болчарах мила ву хІокху гуламе Везачу Элана хьалха ваза виснарг?» Цара иза хоьттура, хІунда аьлча доккха неІалт дара царна аьлла. Везачу Элана хьалха МицІпе ваза виснарг вуьйр ву аьлла, йина чІагІо а яра. Цундела исраилхоша хаьттинера: «Исраилан тайпанех волу цхьа а стаг вуй Везачу Элана хьалха МицІпахь гуламе ваза висина?» Цигахь царна хиира, ГалІадарчу Явешера цхьа а стаг Везачу Элана хьалха гуламе веана цахилар. Исраилан гуламо цига шийтта эзар тоьлла стаг вахийтира, царна тІе а дуьллуш: «ГалІадарчу Явеше а гІой, тарраш детташ, цигахь волу массо а стаг, вей, охьавилла, я зударий а, я бераш а ца къестош.
Выбор основного перевода