Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
ХІунда аьлча вайна бер дина – кІант велла вайна. Олалла хир ду Цуьнан белшаш тІехь. Цунна цІе туьллур ю: Тамашийна Хьехамча, Нуьцкъала Дела, Гуттар а волу Да, Машаран Эла. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. ХІунда аьлча Со Веза Эла, хьан Дела, Исраилан Веза Дела, хьан КІелхьардоккхург ву. Ас Мисаран къам дІало хьан паргІатонах. Хуша а, Себа а дІало хьох. Со цхьаъ бен Веза Эла вац, Со цхьаъ бен КІелхьардохург а вац. «ТІекхочуш ю цхьа зама, – боху Везачу Эло, – Аса Даудан тІаьхьенах Сайн лаамехь волу цхьа зІийдаг кхиор йолу. Цо хьекъалца паччахьалла дийр ду, хІокху лаьтта тІехь нийсо а, бакъдерг а лелор ду. Хазахетарца йиш локхуш хила, Цийонан йоІ! Доккхаде, Исраилан халкъ! Самукъане а хила, даггара сакъералуш а хила Ярушалайм-гІалин йоІ! Везачу Эло таІзар шуна тІера дІадерзийна, шун мостагІа а эккхийна! Исраилхойн паччахь волу Веза Эла шуна юкъахь ву – шайна бохамаш барх шу кхин кхера ца деза. Сан дукъ шайна тІеэца, Сох Іама, хІунда аьлча даг чохь Со чІогІа эсала а, кІеда а ву шуна. Цундела шуна Со волчохь деган синтем карор бу. «ДІаала Цийонан йоІе: „Хьажал, хьан Паччахь ву хьо йолчу тІевогІуш! Цуьнан эсала амал ю. Иза вирана тІехиъна вогІу, боьршачу вирбокъана тІехиъна вогІу!“» «Ма кхералахь, Цийонан йоІ! ХІара хьан Паччахь вогІу, къоначу вира тІе а хиъна».
Выбор основного перевода