Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Хьан ира пхерчий паччахьан мостагІийн дегнех чекхдовлийла. Хьан когашна хьалха халкъаш охьаэгийла. Сан маттах ира тур дина Цо, Шен куьйган ІиндагІехь Со Іалаш а вина. Сох ирбина пха бина Цо, Шен Іад-батта чохь Со лар а вина. Везачу Эло боху: «Бавел, хьо – Сан тІеман диг ду, хьо – Сан тІеман герз ду. Хьоьца Ас халкъаш а хьошура, хьоьца Ас пачхьалкхаш а хІаллакйора. Яван а, Тубал а, Машах а мехкаша хьоьца мах бора, леш а, цІестах йина пхьегІаш а хьоьгара оьцучу хІуманна дуьхьал а луш. Ткъа хьуна гина йолу месала бож – иза грекийн паччахь ву. Цуьнан бІаьргашна юккъехь йолу йоккха маІа – иза цу грекийн дуьххьарлера паччахь ву. И маІа кагъелира, ткъа цуьнан метта кхин а йиъ маІа тІеелира. Цу халкъах йиъ пачхьалкх хилла дІахІуттур ю, амма, хІара санна, ницкъ болуш хир яц уьш бохург ду иза. ЯхІудан а, Ярушалайман а бахархой грекахошна дІабухкура аша, церан дозанашкара уьш генна бахархьама. Делан дош дийна а, ницкъ болуш а, шина агІор ира долчу туьрал ира а ду. Иза вайна чукхочу, дагах ойланаш а, даьІахкех тІум а дІа а къастош. Вайн лаамашна а, дагахь долчунна а кхел йо цо.
Выбор основного перевода