Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Шун юьхьІаьржачу хІоттаран метта лаьттан шозза дакъа лур ду шуна. Шу сийсаздахаран метта шайга кхаьчначух даккхийдеш хир ду шу. Иштта, шун махкахь шозза дакъа лур ду шуна, гуттаренна а долу хазахетар хир ду шун. Веза Эла! Хьо ву сан ницкъ а, сан ондалла а, де доьхначу дийнахь сан дІалечкъийла а! Хьо волчу догІур ду къаьмнаш дуьненан массо а маьІІера. Цара эр ду: «Тхан дайн харцделанаш хилла, уьш царна Іамал еш а хилла. Амма цу цІуша царна цхьа а тайпана гІо ца дина. Веза Эла, Хьо Исраилан сатуьйсийла ю. Хьо витинарш юьхьІаьржачу хІуьттур бу. Хьох дІабевллачеран цІераш эхарте дІаязйина ю, хІунда аьлча шайна цІеначу хин хьоста хилла лаьттина волу Веза Эла цара витина.
Выбор основного перевода